Нохчийн байт
«КIант!» - олий, кхойкхура нана
«КIант!» - олий, кхойкхура да
Цхьа атта олура цара:
«ХIара де…», «дIора схьада…»
Ткъа кIант ву тоххарехь да,
КIант ву тоххарехь деда.
ХIетте а бер дара ша
Къеначу шен ненан, де а.
«КIант!» - олий, ца кхойкху нана.
«КIант!» - олий, ца кхойкху да.
Кхин цкъа а эр ма дац цара:
«ХIара де…», «дIора схьада…»
Ткъа кIентан болар ду гIийла,
БIаргаш а кхоьлина ду.
Дедех а хуьлуш ма хила
Да-нана дIадаьлча буо.
⠀
(Леча Абдулаев)