Видео от Даймохка Чра
«Мухьаммад Пайхамаран (ﷺ) дахарах лаьцна» къовсам д1абаьхьира Г1оьналлин «Даймохк» фондехь.
Цхьаьнакхетар лерина дара буслабачу рузмийца беза беттанаш: Раджаб, Шаабан, Рамадан болабаларна.
Къовсам нохчийн маттахь д1абаьхьира. Цхьаьнакхетаран кхелахой: Г1оьналлин «Даймохк» фондан куьйгалхо Закриев Хьамзат Хажиевич, Муфтиятан векал Бибулатов Салман, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, йукъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан белхахой Абдурахманов Мухьаммад, Дудаев Абдурахьман.
Къовсамехь дакъалоцуш дара халабохкучу доьзалшкара вайн республикерчу тайп-тайпанчу к1ошташкара бераш.
Дика хаарш гатйира цара шина а раундехь. Толамхой бевлира:
3-г1а меттиг: Хусиханова Меднат
2-г1а меттиг: Бачиев Рамзан
1-ра меттиг: Тахаева Иман
Массо а декъахочунна совг1аташ даийтинера йохк-эцаран «Сокол» туькнара, берийн тайнигийн «Дени» туькнара. Толамхошна ахчанца совг1ат даийтинера мебель яран-йохкаран «Кардинал» туькнара.